«Нохчийн мотт- дахаран хазалла!
25.04.2023Оханан беттан ткъе пхоьалг1ачу апрелехь Айти-Махкара йуккъерчу ишколехь д1айаьхьира нохчийн маттана лерина «Нохчийн мотт- дахаран хазалла!» аьлла цхьаьнакхетар. И де даздо вай х1ора шарахь оханан беттан 25-чу дийнахь Стеган къам къастош берг буьйцуш болу мотт бу. Мотт - вайн ойланан а, кхетаман а, хьекъалан а, дахаран а ца хилча йиш йоцу г1ирс бу. Нохчийн мотт- вайн къоман а, х1ора нохчичун а дахаран хазна йу. Оцу мероприятехь дакъалоцуш бара 5-7-чу классашкара дешархой. Дешархоша ч1ог1а лерина кечам бира цу мероприятина. Цара кечйинера эшарш, сценкаш, нохчийн даарш. Цхьаьнакхетаран 1алашо йара, нохчийн маттана лерина мероприяти д1айахьа. Вешан ненан маттах доггах дош ала и ваьшна безаш хилар, оьшуш хилар т1еч1аг1дан. Къоман уггаре йеза а,уггаре сийлахь а хазна йу ненан мотт. Дуьненчохь уггаре баккхийчу тамашех цхьаъ адаман мотт бу.Вайн ненан мотт – иза нохчийн мотт бу. Тайп – тайпанчу хьелашкахь хилла и: оьшуш, ца оьшуш, безаш, ца безаш, амма таханлераниг санначу дийне сатийсина цуьнца шовкъ йолчара. 25 – г1а апрель – Ненан меттан деза Де хилар т1еч1аг1дина шайн сацамца вайн сийлахьчу куьйгалхоша. Дела реза хуьлда царна!